Нохчийн меттан де
22.04.2017МБОУ «Майртупская СШ №3»
Классал арахьара мероприяти.
Нохчийн меттан денна лерина «Литературно – мукъамийн суьйре».
Хьехархо Массеран де дика хуьлда шун !
Тахана вай цхьаьнакхетаран 1алашо ю, нохчийн маттана лерина мероприяти д1аяхьа. Вешан ненан маттах доггах дош ала и ваьшна безаш хилар, оьшуш хилар т1еч1аг1дан. Къоман уггаре еза а,уггаре сийлахь а хазна ю ненан мотт. Дуьненчохь уггаре баккхийчу тамашех цхьаъ адаман мотт бу.Вайн ненан мотт – иза нохчийн мотт бу. Тайп – тайпанчу хьелашкахь хилла и: оьшуш, ца оьшуш, безаш, ца безаш, амма таханлераниг санначу дийне сатийсина цуьнца шовкъ йолчара. 25 – г1а апрель – Ненан меттан деза де хилар т1еч1аг1дина шайн сацамца вайн сийлахьчу куьйгалхоша. Вайн массеран ц1арах ДЕЛА РЕЗА хуьлда царна! ДАЛА ницкъ лойла вайна ненан мотт оьшучу барамехь караберзо!
Дешархо.
Дуьненан уггаре баккхийчу тамашех цхьаъ адаман мотт бу. Адам кхидолчу дийнатех къасточу билгалонех коьртаниг а мотт бу. Дуьненахь дехачу х1ора къомана а шен мотт белла ДАЛА.
Вай нохчий ду. Веза Воккхачу Аллах1а Дала кхоьллина вай нохчий. Цо делла вайна нохчийн сибат. Цо елла вайна нохчийн амал. Цо делла вайна нохчийн г1иллакхаш, ламасташ.
Хьехархо.
Цо белла вайна нохчийн мотт! Хьо винчу, х1ара дерриге дуьне хьуна совг1атана деллачу, хьан цхьаъ бен йоцчу, кхин хила йиш йоцчу хьан НЕНАН МОТТ - х1ун хир ду цул деза, цул сийлахь, цул хьоме!
Х1инца нохчийн маттах, лаьцна стихотворенеш йоьйцу дешарчоша.
3) Йовлакх ц1е йолу йиш д1алокху Эргиева Хадижата а 6 классера дешарчоша.
Г1иллакхе аларш дуьйцур ду 5-г1а классера шина дешархочо.
Бераша сценка хоттор.
Мотт – иза массо а аг1ор вовшех кхеташ болу ойланан а, кхетаман а,дахаран а уггаре ца хилча йиш йоцу Аллах1а Дала вайна белла болу тамашийна г1ирс бу
Дешархо
Нохчийн мотт вайн къоман аз ду, вайн къоман илли ду, вайн къоман назма ю.
Ненан матто 1амадо вай Даймохк беза, цо 1амадо вайна нохчийн оьзда г1иллакхаш.
Дешархоша 5а классера г1иллаккхах лаьцна аларш дуьйцу.
Х1инца вай ролике хьовсур ду нохчийн маттах лаьцна йолу.
Хьехархо.
Дуьненчохь меттанаш дуккха ду.Амма царна юккъехь шен меттиг д1алоцуш, хьал долуш хиларца къаьсташ билгалбаьлла хийла 1илманчаша а,г1арабевллачу оьрсийн яздархоша лаккхара мах хадош хьехийна вайн нохчийн мотт.
Дешархо
Мотт иза къоман са, адамаллин куьзга ду. Ненан маттал хаза а, сийлахь а х1ума дан а дац, хила йиш а яц вайн. Цунах доьзна ду: вовшийн уьйраш, гергарло, адамийн хьекъал а,кхетам а. Халкъо олуш кица ду-кх: «Мотт бу – къам ду, мотт бац – къам дац». Мотт вай лар ца бахь, цуьнан сий ца дахь, вайн къоман сий дужур ду.Цундела ма аьлла Мамакаев Мохьмада вайна массарна вевзаш волу сийлахьчу яздархочо:
Шен ненан мотт халкъо,
Сий ойбуш, 1алашбахь,
Цу халкъан парг1ато
Цхьаммо а хьошур яц.
Нохчийн маттахь дист хила йиш йоцуш, вайн мотт 1ора бала таро йоцуш дукха хало хьегна вайн дайша. 2005-чу шарахь дуьйна «Нохчийн метан де» аьлла д1акхайкхина деза де ду вай даздеш схадохьуш.Ваьшна ма луъу нохчийн мотт бийца, 1амо йиш ю вайн. Цхьа 25 – г1а апрель хилла ца 1а вай даздеш, массо ишколашкахь, учрежденешкахь х1ара бутт болабелчхьана д1ахьош мероприятеш ю.
И дерриге вайн Республикан къоначу куьйгалхочун омрица ду, цунах вайна баьлла пайда бу.
Кхо х1ума ду дуьненахь адаман уггаре деза, сийлахь хила дезаш: Нана, Даймохк, Ненан мотт. И кхуьйа лоруш, церан сий деш, уьш ларар,1алашбар шен декхар дуй хууш верг, цкъа а дуьненахь гал вер вац, и халкъалахь сийлахь хир ву.
Дийцар доьшу дешархочо Эргиева Хадижатас. Даймахке сатийсар.
Мотт вай лар ца бахь, цуьнан сий ца дахь, вайн къоман сий дужур ду. Цундела вай т1екхуьучара вайн д1абаханчарах масал оьцуш 1амо беза «Ненан мотт». Мотт иза муьлххачу къоман истори ю, цуьнан хин дерг ду.
Ненан мотт дайн г1иллакх лардеш
Лаха вай кху лаьттахь ирс.
Ямартло, хьаг1, бода къарбеш,
Некъ биэ вай мел хиларх ницкъ!
ВЕЗАЧУ АЛЛАХ1А вешан ненан мотт бийца, 1амо, ларбан ницкъ, доьналла лойла вайна.И мотт вайна хазбеш, марзбеш, цуьнан исбаьхьалла юьйцуш, яздеш болу вайн халкъан поэташ, яздархой ма эшабойла вайна!
Хелхарца ерзайо литературно – мукъамийн суьйре.
1а дика йойла!
22– г1а апрель 2017–г1а шо.
Нохчийн меттан, литературан хьехархо: Гамаева Я. Н.